ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дудаевн а, Окуеван а цIерш тохкуш ю Киеверчу урамашна


Украина -- Окуева Аминин дахарна лерина хиллачу гайтамехь даьккхина сурт. 2017 шо.

Киеверчу шина урамна цIераш тахка мегаш ю Нохчийчоьнан прзидент хиллачу Дудаев ЖовхIаран а, Украинан мохк ларбеш тIом бинчу Окуева Аминин а сий деш. Цунах лаьцна хаам бина "Умма" цIе йолчу Украинин бусулба динан урхаллан муфтийс Исмагилов СаьIида.

Цо дийцарехь, Киеван гIалан пачхьалкхан администрацин комиссино къобалбина и сацам. Цуьнца а догIуш, Шевченкон кIоштарчу Проектная урамна цIе туьллур ю Окуева Аминин сийна, ткъа Соломенан кIоштарчу Искривская урамо лелор ю Дудаев ЖовхIаран цIе.

ГIалин урамийн цIерш хийцарх лаьцна хаттар дийцаре дан дезаш ю кхин а ши комисси. Цара бина сацам тIечIагIбийр бу Киеван администрацино.

Окуев герз диттина йийра 2017-чу шарахь, Киевна гергахь муьлш бу ца хуучу наха кIело а йина. Нохчийн Республикан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар вийра 1996-чу шарахь, Оьрсийчоьнан тIеман кемано ракета тоьхна.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG