ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массанхьачул кIезиг зуламаш ден регион ю Нохчийчоь - "Новые Известия"


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

"Новые Известия" газето кхерамазаллин рейтинг хIоттийна Оьрсийчуьрчу регионийн. Инарлан прокуратуро 2018 шеран жамIаш деш арахецначу хаамашна тIе а тевжаш, газето къастийна муьлхачу регионашкахь аьтто бу бахархойн дIоггара ца кхоьруш баха, ткъа мичахь царан баха кхераме ду.

Цу рейтингца а догIуш, Оьрсийчохь уггар кIезиг зуламаш ден регион ю Нохчийчоь. Цигахь 1000 вахархочунна юкъахь зулам динчу нехан терахь ду 2,3. Нохчийн республикана тIаьхьа йогIуш ю ГIалгIайчоь (3,4). КхоалгIачу меттехь ю Дагестан (4,8).

Оьрсийчохь уггар дукха зуламаш ден меттиг ю Тыва. Цу республикехь хIора 1000 вахархо схьаэцча 2018-чу шарахь зуламаш даран терахь ду 28,8.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG