ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ненан меттан дуьненаюкъара де ду Чиллан-беттан 21-ра


Архивера сурт.

ЮНЕСКО-н инарлан конференцино кхайкхийна Ненан меттан дуьненаюкъара де даздеш ду тахана, Чиллан-беттан 21-чохь. Оцу дийнахь 1952-чу шарахь цу хенахь Малхбалерчу Пакистанехь йолчу Бангладешан Дакка гIалахь студенташ демонстраце арабевллера шайн бенгали мотт пачхьалкхан бар доьхуш.

Митинг дIасалоллуш вийра маситта стаг. И бахьана долуш, дуккха а дамаш дакъалоцу дуьхьалонан акцеш хилира, эххаре а и мотт пачхьалкхан статусе а боккхуш. Цу хиламна тIе а тевжина, 2000-чу шарахь ненан меттан Дуьненаюкъара де кхайкхийра ЮНЕСКО-но Чиллан-беттан 21-ра.

Цу вовшахтохараллан хаамца, Оьрсийчохь нохчийн мотт буьйцуш ву 1 миллион 330 эзар стаг. Делахь а, иттех шо хьалха ЮНЕСКО-но юкъатуьйхира иза бовш болчу меттанашна. Нохчийниг боцург цхьана Оьрсийчохь бовш болчу 100 меттана юкъахь бу суьйлийн, гIалгIайн а меттанаш.

2007-чу шарахь дуьйна Нохчийн меттан де дазде ду Нохчийчохь Оханан-беттан 25-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG