ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело дIадерзийна Титиевн гIуллакх таллар


Титиев Оюб.
Титиев Оюб.

Шеларчу гIалан кхело таллам дIаберзийна "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан гIуллакхехула. ТIаьххьарчу кхеташонехь гайтина Титиевн къомал чохь йолчу пакетца зIе хиларан тоьшалла. Иза ю цуьнан месаш тIехь йисина скотчан цуьрг.

Титиевс дийцарехь, и скотч полисхоша цуьнан коьртах а дихкина, озийна дIадаьккхинера стохка Дечкен-беттан 10-чу дийнахь. Цуьнан адвокаташа элира, иза тоьшалла хуьлийла дац, цундела иза гIуллакхна юкъара даккхахьара аьлла. Амма суьдхочо Зайнетдинова Мадинас юхатуьйхира церан дехар.

РогIерчу суьдан кхеташонехь хилларг дийцаре деш (прения) дакъалоцур ду шина агIоно - бехкбиллархоша а, адвокаташа а. Иза хир ду Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь. Нагахь Титиев бехке ларахь 10 шаре кхаччалц хан тоха мегаш ю цунна, боккхачу барамехь наркотикаш лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG