Дуьхьалонан акцийн декъашхой полицех тасабалар бахьана долуш 40 стаг лазийна Испанерчу Каталонехь, хаам бо Reuters агенталло. Иштта лазийна ву 12 полисхо.
Дуьхьалонан акцеш йоьзна ю стохка гурахь Каталони Испанех йозуш цахилар кхайкхийначу хьалханчаш хиллачу нахана тIехь Мадридехь дIахьош йолчу кхелаца.
Болчу хаамца, Барселонехь маситта меттехь адамаш гулделлера Каталони йозуш цахиларехьа кхайкхамаш беш. Иштта, Барселонин юккъерчу цхьана майданахь полисхой чхьонкарш етта буьйлабелла кегийрхошна, шайна цара тIулгаш кхиссина аьлла. Кхин а маситта стаг аьчкан некъа тIе хиина гIалин вокзалехь, цIерпошташ лелар сацо гIерташ.
Испанин прокуратуро бехке вина Каталонин 12 политик, шайна юкъахь меттигерчу Iедалан хилла декъашхой а болуш, пачхьалкхана ямарт хилла аьлла а, Iедалан ахча дайина аьлла а. Ткъа Белге дIавахана Каталонин президент хилла Пучдемон Карлес кIелхьарваьлла Испанин Iедалша лацарх.
Ямарт хиларна бехке бечу нахана хенаш тоха мегаш ю 25 шаре кхаччалц.