ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров вен гIоьртина нохчо таксист верна лаьцна Москох


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Москох Кузьминкин кIоштан кхело Оханан-беттан 14-чу дийне кхаччалц талламан изоляторехь латто сацам бина Самаркандан булварехь стаг верне куьгбехке хила мега аьлла лаьцна волу Хамиев Лорс, хаам бо «360» цIе йолчу сайто. Кху беттан 16-чохь иза лецира полицино Ростох махкахь.

52 шо долу таксилелорхо Оруджев Гариб вийна Чиллан-беттан 15-охь Москох малхбалехь иза вехачу хIусамана хьалха. И зулам дар дIаяздина видеотергонан камераша. Оруджев вийна "Глок" тапча тоьхна. И зулам дина "Неолит" кафена хьалха латар хиллачу дийнахь. Ницкъаллин структурийн белхахошна хетарехь, и ши хилам вовшашца боьзна хила мегаш бу.

Стаг вийна аьлла лаьцна волу Хамиев чувоьллира 2009-чу шарахь, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вен дагахь тIелатар кечдеш хилла аьлла бехке а вина. Кхело 8 шо хан тоьхнера цунна луьрча хьелашкахь колонехь даккха. Ткъа полицино лаьцнера Хамиев 2007-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь 9 майхь теракт ян дагахь хилла аьлла шеко йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG