Телефонехула къамел хилла Iамеркан а, Туркойчоьнан а президентийн Трамп Доналдан а, ЭрдохIан Реджепан а. Цу шиммо дийцаре дина Шемара хьал, хаам бо туркойн Anadolu Ajans агенталло.
Цо дийцарехь, шина президенто барт бина Iамеркан эскарш Шемара арадахарх лаьцна, шина а агIонна луург кхочуш а деш.
Къамел дерзош Iамеркан а, Туркойчоьнан а хьалханчаша биллам бина шина пачхьалкхан экономикан юкъаметтигаш шоръян а, вовшашца махбаран терахь 75 миллиард долларе хьаладаккха а.