Германерчу Лейпциган полицино 4 стаг лаьцна, 30 гергга кила хьонка а боккхуш. "Вайдахар" зорбанан гIирсо яздарехь, иза хилла Чиллан-беттан 18-чу дийнахь. Цо билгалдаккхарехь лецнарш нохчий бу.
Галешкахь цхьаъ гулйеш бохкучу нахах лаьцна полицин белхахошка хаам бина хилла Connewitzer Wehr халстуна (шлюзана) уллехула ларамаза тIех бовлучу наха.
36-51 шераш долчу малхбалерчу Европера схьабевллачу нахехь хилла каранаш а, арсаш а, кагтуханаш а, кхин болу а цхьаъ лахьор болх бина лелачу нахехь хуьлу гIирс. Лецначеран накъостий лоьхуш ю полици, хаам бо "Вайдахаро".
Немцойн низамашца а догIуш, хьонка лахьорхошна гIуда тоха мегаш ду 2500 евро, боккхачу барамехь иза баккха цаьргахь бакъо ца хиларна.