ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан изоляторехь Iазап ловш волу шен кIант кIелхаьрваккха гIерта Нохчийчуьра яхархо


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Омскан кIоштарчу колонин талламан изоляторехь воллучу Нохчийчуьра схьаваьллачу тутмакхана Акиев Аптина тIехь Iазап латтош ду. Цуьнга даре дайта гIерташ бу ницкъаллин структурийн белхахой колонехь къепедацарш вовшахтохар, дуьйцу цуьнан нанас Акиева Марета, хаам бо "Кавказский узело".

Талламан изоляторехь Iазап ловш волу шен кIант кIелхьарваккха гIерташ дехар дина Акиева Марета Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан куьйгалхочуьнга.

Омскан кIоштарчу колонехь хан токхучу Акиевна йиттинера кхечу метте дехьаваккхуш аьлла хаам бира цуьнан адвокато Окушко Татьянас, кху шеран Дечкен-баттахь

Акиевна куьйгех тоьхна гӀоьмаш дIайохуш, догIа кагделла аьлла, буруца уьш хедо омра делла хилла цу колонин оперативан декъан хьаькамо. Адвокато дийцарехь, буру хьийзош тутмакхан куьг дагийна, эпсар тIехоьжуш а волуш. Цо шийла хи доьттина а, кхин хIума ца дайтина иза деш бохкучу нахе - оццу колонерчу тутмакхашка. Цул сов, Акиевн дегIа тIехь еттаран ларш карийна, лоьраша таллам 3 кIира даьллачул тIаьхьа бен бина ца хиллехь а.

Акиевна ницкъ бина хиларан тоьшаллаш доллушехь, талламан комететан белхахо реза ца хилла цу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх доло, боху адвокато Окушкос.

Омскерчу номер 6 йолчу колонехь хан токхучу тутмакхаша шаьш Iазап ловш а, хьийзош а ду аьлла, латкъам бира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле дIабаханчу баттахь. Верриг а гIо доьхуш ву 15 стаг. Царна юкъахь ву 4 Нохчийчуьра а, 2 Дагестанера а вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG