ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

75 шо кхаьчна нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш дохийна махкахдаьхна


Нохчийчоь -- Къам дохоран бохамна хьажийна мемориал, Соьлж-ГIала.
Нохчийчоь -- Къам дохоран бохамна хьажийна мемориал, Соьлж-ГIала.

Тахана, Чиллан-беттан 23-чохь, 75 шо кхаьчна нохчийн а, гIалгIайн а дерриг а къам махкахдаьккхина. И бохаман де дагалолуш цхьамогIа цхьаьнакхетарш а, сагIанаш дахар а, дагалецамийн суьйренаш а дIохьош бу Европехь а, Iамеркехь а, Азерчу пачхьалкхашкахь а беха вайн махкахой а, церан накъостий а.

Нохчийчохь къам дохийна де дагалацар дихкина ду 2011-чу шарахь дуьйна. Иза дIатеттина Стигалкъекъа-беттан 10-че. Чиллан-беттан 23-чу дийнахь республикехь даздеш ду Оьрсийчоьнан дезаденош, ша аьлча Даймехкан бIаьхочуьнан де.

Делахь а, 23-чохь Нохчийн Республикехь дIаяхьа лерина ю цхьацца динца йоьзна мероприятеш, хаам бо "Грозный-информ" сайто. Иштта, цо яздарехь, Соьлж-ГIалин юккъерчу маьждигехь ламазе гулбеллачара дагалоцур бу 1944-чу шарахь Iай къам махкахдоккхуш кхелхинарш.

Нохчий а, гIалгIай а махкахбахар геноцидан акт хилар даре дира Европарламенто 2004-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG