ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Неолитехь" леттачех шинга бехк кховдийна нехан сий дайарна


Герзаш а детташ, Москох дуккха а нах леттачул тIаьхьа полицино лаьцнера 29 стаг. Царах ших виссалц берш а дIахецна, хаам бо, "Кавказский узело".

И шиъ ву Къилбаседа Кавказерчу республикера схьаваьлла ши жима стаг. Царах цхьаммо нехан сий дайарна (хулиганалла) шеко йолуш бу талламхой. Иза талламан изоляторехь ву. ШолгIа лаьцна лоруш ву, шен цIахь а вуьтуш.

Москох "Неолит" кафе чохь герзаш детташ, летарш хилира кху беттан 14-чохь буса. "Пятый канало", и дерриг а гинчуьнца хиллачу къамелна тIе а тевжаш, яздира дуьххьара нохчочо Азербайджанерчу вахархочуьнга маьттаза бага тоьхнера, тIаьхьо цуьнан махкахоша йиттира Нохчийчуьрчу вахархочунна аьлла.

Герзаш деттар, летар, каналца къамел динчо бахарехь, нохчаша азербайджанхошна бина бекхам бара. 100 гергга нохчийн кегийрхой кафе а баьхкина, азербайджанхочун доларчу кафечуьрчу зударшка арадовлар а хьехна, лата буьйлабеллера. Лаххара а пхи стаг лазийнера оцу тасадаларшкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG