ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен каранна тIера "В.В.Путин" дIадайийтина суьдхоша спортхочуьнга Ивановга


Дуьненаюкъарчу салазийн спортан федерацин суьдхоша варе вина Оьрсийчуьра салазашхахкархо Иванов Виталий. Цо шен каранна юккъерчу пIелгана тIе яздина хилла "В.В.Путин".

Австрерчу Зеефельдехь хиллачу къийсадаларшкахь "шегара даьлла хьуьнар" журналисташна гойтуш хилла иза. Цунах лаьцна яздо Sports.ru. сайто. Ивановс дийцина, ша динарг Путин Владимир шен президент а, дукхавезаш стаг а хиларца доьзна ду аьлла.

Шайн агIор суьдхоша дагадаийтина Ивановна, федерацин низамашца къовсадаларшкахь политикан хаамашна меттиг цахилар.

Оьрсийн спортхочуьнга дIадайийтина ша каранна тIе яздинарг, яздо Sports.ru.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG