ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан хилла тIеман комендант чувоьллина кхаьънаш эцарна


2007-2010 шерашкахь Нохчийчоьнан тIеман комендант хилла инарла-лейтенант Кривонос Леонид чувоьллина, 9,5 шо хан а тоьхна. И хан цо йоккхур ю колонехь луьрчу хьелашкахь.

Инарлана бехке диллинарг ду Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чоьхьарчу эскаршкахь гIуллакх деш кхаьънаш эцар.

Ростох гонан тIеман кхелоталлам бича гучудаьлларг ду Кривонос зуламан тоба кхоллархо хилар. Цо а, цуьнан куьйгакIеллахь хиллачу инарла-майоро Головацкий Андрейс а, штабан капитана Зуев Вадима а кхаьънаш оьцуш хилла чоьхьарчу эскарехь гIуллакх деш болчу эскархойн контракташ кхин а дIа а яхйийриг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG