ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчаша цкъа а дицдийр дац къам дохийна бохаме де - Кадыров


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчашна а, гIалгIашна а 1944-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чохь депортаци ярх лаьцна яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "ВКонтакте" агIонна тIехь. Иза "бохамен де" ду аьлла цо.

Кадыровс чIагIдарехь, нохчийн къомана хаара и ирча бохам хиларна бехке цхьа а къам цахилар, цхьа стаг Сталин Иосиф, воцург. Цо бинчу хаамца, къам махкахдаьккхинчу дийнахь "Нохчийчохь дIасалуш ду сагIанаш, белларш а, зе хилларш а дагалоцуш деш ду доIанаш.

"Цу тайпачу зуламаш дарна зуламхо жоьпе озон магийна хан тоьхна яц! Нохчийн къомо цкъа а дицдийр дац тIейогIучу тIаьхьенашна а, бIешерашна а и бохаме де", - яздина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG