ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кеманна тIехоуьйту бакъонаш хийцаелла Оьрсийчохь


Гайтаман сурт. Домодедово аэропорт.
Гайтаман сурт. Домодедово аэропорт.

Оьрсийчохь хийцаелла кеманна тIехоуьйту бакъонаш, хаам бо РИА Новости агенталло. Чиллан-беттан 24-чохь дуьйна болх бан доладелла транспортан министралло арахецна омра. Цуьнца а догIуш, аэропорташкахь некъахой кеманна тIеховшийта бакъо ю электронан талонашца.

Болчу хаамца, хIинца ша онлайн-регистраци йинчу некъахочуьнан хир ю леррина талон. Цо бакъо лур ю дIасабоьлху нах бен чохь боцучу зоне кхача. Цуьнца цхьаьна, эропорташкахь некъахошна буьсуш бу зорба тоьхна кехата тIехь талон эца аьтто.

Хьалхо хаамаш баьржинера Москох аэропорташкахь лаьтта охьахиина Iан бакъо елла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG