ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Чечевица» операци: Берияс нохчий махкахбахарх лаьцна - «Газета.Ru»


75 шо хьалха доладелира нохчий а, гIалгIай а нуьцкъала Кавказера Юккъерчу Азе дIабигар. Нохч-ГIалгIайн АССР олу республика дIаяьккхира.

"ЦIен Арми кхоьллина 26 шо кхачар даздеш сакъоьруш ерриг а пачхьалкх а йолуш, вайнах эшелонашна тIелоьхкуш бара, чубухкуш бара вагонашна, дуккха а деношкахь бигира уьш хIун хир ду ца хуучу кхане, Юккъерчу Азерчу адам ца дехачу ло хьакхначу аренашка", - яздо «Газета.Ru» портало, 75 шо хьалха хиллачу вайнехан депортацех лаьцна ша кечйинчу историн онлайн материалехь. Дуккха а документаш даладо портало цу нохчашна а, гIалгIашна а балабоьссинчу денца доьзна.

"Корта охьатаIабо оха, махкахбохуш кхелхинчу нехан сий деш", - яздо цу талламан авторша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG