ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сибирехь эмкалш ягор "иблисалла" ду аьлла коьртачу шамано


Оьрсийчоьнан коьртачу шамано Кара-оол Допчун-оол-о дIахьедар дина, Иркутан кIоштахь эмкалш яго бакъо цаеллера ша аьлла. Цо дийцарехь, иза шенна дагадеана хIума ду Ангарскерчу шаманана Цыбиков Артурана.

Коьртачу шамано дуьйцу шена хууш дацара и ритуал ян шаманаш дагахь хилар, бохуш. "Иза шаманалла дац, иблисалла ду", - аьлла Кара-оол Допчун-оол-ос.

Чиллан-беттан 21-чу дийнахь Иркутскан гергахь шаманийн тобано 5 эмкал ягийнера, Оьрсийчоь а, цуьнан дуккха а къамнех лаьтта халкъ а чIагIдо шаьш аьлла. Уьш ягор, видео тIе а даьккхина, даржийнера цара интернетехь.

Цу нахана хьалхаваьлла хилла "Даима сийна стигал" цIе йолчу юкъараллан куьйгалхо Цыбиков Артур. Цо чIагIдарехь, "дийна йоллушехь эмкалш цхьаммо а ца ягийна". Шаманийн хьалханчо дийцарехь, уьш ялийна хилла цара бурятийн фермера. Эмкалийн долахочо эмкалш дера ю аьлла хилла, царна хIун дан деза хууш вац ша аьлла.

Шена йинчу критикана жоп луш, Цыбиковс дIахьедар дина, "Кадыров Рамзана хIора шарахь пхиппа эмкал ягайо, цуьнга иза хIунда дина олуш цхьа а вац" аьлла. Шамано, Нохчийчохь хIора шарахь эмкалш ягайо бохуш, дуьйцург кхеташ дац, яздо и хаам бинчу U-f.ru сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG