ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев дIахецар доьху Немцовн маршан декъашхоша


Москох, Немцовн марш.
Москох, Немцовн марш.

Москох хиллачу Немцов Борисан сийна леринчу маршан декъашхоша дIахецар дехна "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб а, Ростохара жигархо Шевченко Анастасия а, берриг Оьрсийчуьра политикан тутмакхаш а. Цара иштта кхайкхина Эстемирова Наталья а, Политковская Анна а ер талларе.

Оппозиционер хилла Немцов Борис дагалоцуш, цуьнан сийна лерина марш хилира КIиранан дийнахь Москох а, Петарбухехь а, кхин йолчу Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь а.

2015-чу шеран Чиллан - беттан 27-чу дийнахь вийра Немцов Москворецкан тIай тIехь, герз тоьхна. И зулам дарна бехкебинчарна 11 шарера 20 шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш туьйхира. Уьш берш Нохчийчуьра схьабевлла нах бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG