ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий гIазоте кхайкхинарг мила вара дийцина блогере Абдурахмановга министро Умаровс


Умаров Джамболат.
Умаров Джамболат.

Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а министро Умаров Джамболата кхайкхам бина оппозицин блогере Абдурахманов Тумсога, махкахь хилла ши тIом хьокъехь нохчийн кегийрхой Iехор дита аьлла, яздо "Нохчийчоь тахана" сайто.

ДIадаханчу кIиранах Умаровс а, Абдурахмановс а къовсаме эфир дIаяьхьира Instagram социалан машанехь. ДIоггара баш къамел ца нисделира цу шинна, эххаре а блогер нохчий гIазоте кхайкхинарг мила вара бохуш, юх-юха хоьттуш а волуш, иза зIе хаьддехь я кхечу баханца эфирера дIавелира.

ТIаьхьо Абдурахмановс видео арахийцира, Умаровга Нохчийчохь тIом боьдуш адамашка гIазоте кхайкхинарг мила вара бохучу хаттарна жоп далар доьхуш.

Умаровна гиначух тера ду и видео. Цо Instagram-хь жоп делла Абдурахмановна. Умаровс дийцарехь, цуьнан дешнашца аьлча, "хьалхара нохчийн кампани йоьдуш адамаш джихаде кхайкхинарг вара, вицлур воцу нохчийн халкъ кIелхьардаьккхина Кадыров Ахьмад-Хьаьжа".

Умаровс дийцарехь, Абдурахмановн кумираш хьаннашкахула дIасабевддачул тIаьхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ярташкахула лийлира, нохчий Ельцинан зуламхошна дуьхьал Сийлахьчу джихаде кхуьйкхуш.

Нохчийн министро билгалдаьккхарехь, цу тIамехь тоьлларш Абдурахмановн харцтурпалхой бацара, нохчийн халкъ дара… Цундела тоийта кегийрхой Iехор бита уьш, жамI дина Умаровс, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG