Оьрсийчуьрчу актеро Жидков Ивана бехк цабиллар дехна Дагестанехь "Божарий таллар" театран пьеса гайтарна эргIадвахначу UFC чемпионе Нурмагомедов Хьабибе.
Вевзаш волчу спортхочо критика йинера Жидковс а, цуьнан накъосташа а, эвхьаза сценаш а йолуш, ХIинжа-ГIалахь гайтинчу спектаклна. Нурмагомедовс Дагестанан халкъ кIинтера даккхарга кхайкхинера и пьеса хIоттийнарш.
Ткъа хIинца "хIора къоман шен ламасташ а, гIиллакхаш а ду, оха уьш лору, амма оха тидаме ца эцна иза оццул къовламе хилар" аьлла шайна ехк цабиллар дехна артисто шен Instagram-хь.
Шена кхерамаш туьйсуш нах хиларх лаьцна хаам а бина Жидковс.