ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра бер лачкIийна Шемахь мухIажирийн четаран гIалара – Саратова


Шема - Эл-ХIол мухIажираш латто меттиг.

Муьлш бу ца хуучу наха Оьрсийчуьра бер лачкIийна Шемахь "Эль-ХIол" мухIажирийн четаран гIалара. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло, Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочунна Саратова Хедина тIе а тевжаш.

Хьалхо социалан машанашкахь видео гучуелира, муьлш бу ца хуучу божарша Iаьрбийн маттахь хьарса месаш йолчу кIанте хаттарш деш гойтуш. Беро царна доцца жоьпаш лора Iаьрбийн маттахь, тIаккха оьрсийн маттахь элира "шен ненайиша йолчу ваха лууш ву" ша аьлла. Цуьнца цхьана видеороликана кIеллахь яздина ду цуьнан да нохчи ву аьлла.

Саратовас дийцарехь, и кIант ХIинжа-ГIалара ву. 2014-чу шарахь дас харцонца дIавигина хилла иза Шема. КIентан да вийна. Ша висинчу кIантана Iуналла деш хилла Дагестанера цхьа зуда.

Ерриг оцу хеначохь шен кIант лоьхуш хилла цуьнан нана. Дукха хан йоцуш цунна карийна хилла кIентан доладеш йолу зуда. Лачкъийначул тIаьхьа нене масийтта сурт а, видео а яийтина муьлш бу ца хуучу наха, хIун оьшу аьлча, кхаъ бала безаш хилар а къедош.

Нанас дийцарехь, видео тIехь волу кIант лачкъийна хиларх лаьцна хиина цунна Iунала деш йолчу зудчера. Цо орцадаьккхина хилла "Эль-ХIол" мухIажираш бехачу меттиган кертахь бепиг схьаэца ваханчура кIант цIа ца веача.

Нанас дийцарехь, "Эль-ХIол" дуьненаюкъара четаран гIала а, иза чIогIа ларйеш ю. Цигахь дIатарбина бу иттаннаш пачхьалкхашкара зударий а, бераш а.

Карарчу хенахь четаран гIалан администрацин аьтто ца баьлла кIант волу меттиг каро.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG