ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хашагульговна кхел кхайкхор ю 12 де даьлча


Ростох. Къилбаседан Кавказан тIеман гонан суьд.
Ростох. Къилбаседан Кавказан тIеман гонан суьд.

Къилбаседан Кавказан тIеман гонан суьдехь дIадирзина ГIалгIайчуьрчу вахархочун Хашагульгов ЯкIубан бехктакхаман гIуллакх къастор. Шинарийн дийнахь хиллачу суьдан кхеташонехь тIаьххьара дош олуш тIемло хиларна а, терроран тIелетаршкахь дакъалацарна а бехке веш волчу цо дIахьедар дира, шен цхьа а бехк цахиларх лаьцна.

Хашагульгов лаьцнера Iедалша 2013-чу шарахь Чиллан-беттан 8-чу дийнахь Яндарехь. Цунна бехке дуьллуш дара "Вилайат ГIалгIайчоь" шех олучу тIемалойн тобанан декъашхо хилар а, маситта тIерроран тIелатар дарна а, шайна юкъахь Буру-гIалахь 2010-чу шарахь Гезгмашин-баттахь коьртачу базарахь дина эккхийтар а долуш.

2015-чу шарахь Оханан-беттан 6-чохь хиллачу кхелехь бехккъасторхоша бехказваьккхира Хашагульгов. Иза дIахийцира кхел йоьдучуьра. Амма кхин а 2 де далча иза юха а лецира курхалла лелийна хиларан шеко ю аьлла. Прокуратуран аьтто белира хьалхалера бехктакхаман гIуллакх юха а листийта. ЛадогIарш дуьйладелира Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан суьдехь стохка Оханан-баттахь.

Оршотан дийнахь хиллачу кхелан кхеташонехь прокуроро дийхира Хашагульговна набахтехь чIагIдинчу хьелашкахь даккха 20 шо хан тохар, церах 5 шо набахтехь а доккхуш, 500 эзар сом гIуда а токхуш.

"Со иштта а ву 7 шарахь набахтехь латтош", - дуьхьал мохь туьйхира аьчкан цIелиган чохь воллучу Хашагульговс. Цуьнан двокато Барбар Натальяс дIахьедар дира, ша ларвечунна дохку бехкаш цхьа а бух боцуш ду аьлла.

Адвокато иштта хаам бира Хашагульговна тIехь лоцуш а, талламан изоляторехь а Iазап латтийна хиларх лаьцна.

Хашагульговн гIуллакхехула сацам кхайкхор бу Къилбаседа Кавказан тIеман гонан кхело тIебогIучу Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG