ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спектаклашна цензура оьшу - Дагестанан муфтият


ХIинжа-ГIалара маьждиг.
ХIинжа-ГIалара маьждиг.

Дагестанан муфтиято дехар дина Делах тешачу нахана хетарг лоруш спектаклаш гойтуш, республикехь лелачу оьздангаллан барамашца а догIуш цензура юккхахьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бина муфтиятан декъашхочо Атаев Зайнуллас шен Instagram-хь, яздо Кавказ.Реалиино.

Диндайн реза цахилар гIаттийнарг ду ХIинжа-ГIаларчу тетатрехь Чиллан-беттан 23-чохь эвхьаза сценаш йолу "Божарий таллар" пьеса гайтар.

Шинарин дийнахь и пьеса хIоттийначу актеро Жидков Ивана бехк цабиллар дийхира Дагестанехь иза гайтарна эргIадвахначу UFC чемпионе Нурмагомедов Хьабибе.

Вевзаш волчу спортхочо критика йинера Жидковс а, цуьнан накъосташа а, эвхьаза сценаш а йолуш, ХIинжа-ГIалахь гайтинчу спектаклна. Нурмагомедовс Дагестанан халкъ кIинтера даккхарга кхайкхинера и пьеса хIоттийнарш.

Дагестанехь "Божарий таллар" пьеса гайтар хьокъехь дов эккхарна комментарий йира шинарин сарахь Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. "Оьрсийчоьнан низамаш ерриг а пачхьалкхана ду, амма регионашкахь шайн ламасташ ду, тидаме ца эца йиш йоцуш долу", - аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG