ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кашмирехь бомбанаш еттар харцдина Пакистано


Пакистанан премьер-министр Хан Iимран.
Пакистанан премьер-министр Хан Iимран.

Кашмирехь "Джаиш-е-Мухьаммад" тIемалойн тобанна бомбанаш йиттина аьлла Индино бина хаам харцбина Пакистано. Цунах лаьцна дIахьедар дина Пакистанан премьер-министро Хан Iимрана, хаамбо Reuters агенталло.

Iедалан куьйгалхочо дийцарехь, ракеташ тоьхна Балакот гIалана гергарчу хьунха. "Цара цхьа а зе ца дина", - аьлла Хана.

Шинарин дийнахь зорбанан гIирсаша хаам бира "Мираж-2000" олу Индин 12 кемано, 1000 кила еза бомбанаш а тоьхна, хIаллакъйина Пакистанан террритори тIехь йолу тIеман тобанийн лагерш аьлла. ЧIагIдеш дара лаххара а 150 стаг вийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG