ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коррупци яржарна саготта болу нах алсамбевлла Оьрсийчохь


Оьрсийчохь алсамбевлла махкахь коррупци шуьйра яьржина халаро сагатдойтучу нах. 2016-чу шарахь дуьйна шозза тIекхетта цу тайпа ойла йолчу адамийн терахь. Карарчу хенахь 41 процент Оьрсийчуьра бахархой бу синтембайна пачхьалкхехь кооррупци шуьйра яьржина хиларна.

Оццул лакхара хилла дацара и терахь 2005-чу шарахь дуьйна, хаам бо "Левада-центро". Цо бинчу талламца, махкахь уггаре а ира проблема хета нахана мехаш дестар – 62%. Ткъа 44% бахархойн сагаттадийриг ду къоьлла а, адам къийдалар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG