ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2018-чу шарахь 78 мигрант цIахьажийна нохчийн пурстоьпаша


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Бакъо а йоцуш Нохчийчохь вехаш хилла 78 кхечу пачхьалкхан вахархо махкахваьккхина 2018-чу шарахь. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан федералан суьдан пурстоьпийн сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочо Алаудинов Iабдула. Цо дийцарехь, Нохчийчуьра дIахьовсийначу нахана бехке диллинарг ду миграцин низам дохор.

Алаудиновс куьйгалла дечу урхалло Чиллан-бутт болалуш хаам бира, Куршлойн а, Теркайистан а кIошташкахь талламаш беш кхушара Узбекистанера 3 вахархо лаьцна Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша аьлла. Уьш, бакъо а йоцуш, цхьацца белхаш беш хилла Нохчийчохь.

Къайлаха баьхкинчу мигрантех хIоранна а 2000 сом барамехь гIуда тоьхна кхело. Суьдан пустоьпаша уьш дIакхачийна Москох "Внуково" аэропорте. Цигара Узбекистанан махкахой цIахьовсийна Ташкенте доьдучу кеманца.

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далочу терахьашца, хIара шо доладелчхьана нохчийн пурстоьпаша республикера аравьккхина низам дохош веана 7 мигрант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG