ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бесланан наноша" доьху полицин пост йитар


Къилбаседа ХIирийчуьрчу "Бесланан наной" зударийн юкъаралло дехар дина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцев Владимире, шайн республикан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь лаьтта полицин пост йитахьара аьлла. Цунах лаьцна яздо "Кавказ.Реалиино".

Зударий эргIадбахана бу социалан машанашкахь дискусси яржарна, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Къилбаседа Кавказехь ерриг а блок-посташ дIаяха еза алар бахьана долуш.

"Бесланан наной" тобанан хьалханчо Дудиева Сусаннас дийцарехь, Шемара Кавказе цIабогIуш бу "бандформированех" дIабетталуш болу бIеннаш "Исламан пачхьалкх" тобанан агIончаш.

"И бахьана долуш КПП 'Чермен', мелхо а, чIагIъян езаш ю", – чIагIдо цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG