Зорбанан гIирсаша арахецна кху деношкахь кхелхинчу НТВ телеканал кхоьллинчу Малашенко Игоран хIинццалц хьулйина хилла интервью. Хиллачу медиаменежеро йийцина Iедална хетарг тидаме ца оьцуш болх беш хиллачу шайн телеканало лайна халонаш. Цунах лаьцна хаам бо The Bell зорбанан гIирсо, яздо "Лига Новости Россия" проекто.
Зорбане яьккхина интервью Малашенкос елла хилла 2018-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь Iамеркан режиссерана Гибни Алексана. Цуьнан пурбанца The Bell зорбанан гIирсо оьрсийн матте гочдина цхьа дакъа.
Малашенкос дийцарехь, НТВ кхоьллинера пачхьалкхах йозуш йоцу канал санна, Iуналла деш я бюрократи а, я Кремл а йоцуш. Пачхьалкхан телевизионан белхахой дехьабовлара цига, "керланиг доло".
Малашенкос дийцарехь, дуьххьара цхьа а проблемаш ца хилла НТВ-н Iедалшца. Амма хьал хийцадела канал кхоьллина цхьа шо даьллачул тIаьхьа, 1994-гIа шо чекхдолуш Нохчийчохь тIом болабелча. Малашенкос дийцарехь, Iедал реза ца хилла НТВ-но тIом муха гойту бохучунна.
Цо чIагIдарехь, хьул а ца деш Iедалан векалша кхерамаш теснехь а, НТВ юха ца елира тIом гайтарехь. Ша тешна вара боху Малашенкос "Оьрсийчоьнан телевизионо а, НТВ-но а мехала дерг дина хиларх, Нохчийчохь хьалхара тIом дIаберзорехь".
Малашенко Игорь ирхоллавелла карийна цуьнан гIаролхочун Чиллан-беттан 24-чохь Испанерчу Сотогранде гIаларчу шен хIусаман бешахь.