ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минскерчу тракторан заводан техника вовшахтосур ю Нохчийчохь


Минскерчу тракторан заводан техника.
Минскерчу тракторан заводан техника.

Минскерчу тракторан заводан техника вовшахтасаран пхьалгIа юьллуш ю Нохчийчохь. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, Нохчийчоьнан транспортан министарна Черхигов Рамзанна тIе а тевжаш.

Цо бинчу хаамца, керлачу индустрин декъан аьтто хир бу цхьана шарахь 500 юьртабахаман тарактор а, машен а вовшахтаса.

Черхиговс чIагIдарехь, цу инвестицин проекто аьтто бийр бу республикехь кхин а 500 белхан меттиг кхолла. Цул сов, и техника дIайоьхкина даьккхинчу ахчано гIо дийр ду Нохчийчоьнан бюджет юзуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG