ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ханойхь дIайирзина Трампан а, Киман а саммит


Вьетнам -- Iамеркан президент Трамп Доналд а (аьтту агIор), Къилбаседа Корейн куьйгалхо Ким Чен Ын а.
Вьетнам -- Iамеркан президент Трамп Доналд а (аьтту агIор), Къилбаседа Корейн куьйгалхо Ким Чен Ын а.

Iамеркан президентан Трамп Доналдан а, Къилбаседа Корейн куьйгалхочуьнан Ким Чен Ын-ан а барт ца хилла Вьетанаман коьртачу гIалахь Ханохь хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Цунах лаьцна хаам бийна КIайн ЦIийно Цхьанатоьхначу Штатийн а, Къилбаседа Корейн а лидерийн дагадовларш дIадирзинчул тIаьхьа. Билгалдоккхуш ду уьш хенал хьалхе дIадирзина хилар а, шина пачхьалкхан векалша уьш тIейогIучу хенахь дIахьур хилар а.

Трампа а, Кима а ян лерина йолу делкъе ца хилла. Иштта ца хилла кехаташна тIе куьйгаш таIоран церемони а.

Саммитан жамIаш деш хиллачу зорбанан конференцехь Трампа дIахьедар дина, дагадовларшкахь коьрта проблема яра Къилбаседа Корейн лидеро зарратан герз дIадаккхарна дуьхьал Пхеньянна кхайкхийна санкцеш буьззинчу барамехь дIаяха бахар, ткъа Цхьаьнатоьхна Шаташ цунна реза ца хилар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG