ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра 5 вахархо чувоьллина теракташ кечъярна


Северо-Кавказский окружной военный суд
Северо-Кавказский окружной военный суд

Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суьдо бехке вина ГIалгIайчуьра 5 вахархо, шайн республикехь а, ткъа иштта Москох а теракташ кечйеш хилла аьлла. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо".

Иштта кхело Сампиев Саламханна - 17 шо, Харсиев Элбертана - 13 шо, Эсумрзиев Русланна - 17 шо, Китиев Хьусейнна - 12 шо, Аматханов Мохьмадана - 20 шо хенаш тоьхна колонешкахь халачу хьелашкахь даккха. Царна хIоранна а гIуда а тоьхна 100 - 200 эзар сом барамехь. Кхело сацам бина уьш "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйраш латтош хилла аьлла.

ГIалгIайчуьра 5 стаг лаьцнера Федералана кхерамазаллин сервисан белхахоша 2016-чу шарахь Лахьанан-баттахь. Прокуроро бинчу хаамца, ГIалгIайчохь и тоба кхоьллинарг хилла Шемара цIавеанчул тIаьхьа 2016-чу шарахь полицин операцехь вийна Саутиев Зубайри.

Талламхоша чIагIдарехь, теракташ ян дагахь хилла гIалгIай 2017 шо тIекхочучу буса Францин Москохарчу векалаллана хьалха, Оьрсийчоьно а, Францино а Шемахь тIеман операцеш дIаяхьарна бекхам беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG