ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нухажиев: "Федералан некъаш маьрша хила деза"


 "Чермен" блокпост.
"Чермен" блокпост.

Нохчийчохь адамийн бакъонашкахула волчу векало Нухажиев Нурдийс дIахьедар дина, Оьрсчийчохь федералан некъаш мелла маьрша хила деза аьлла, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цу кепара цо жоп делла Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанца лаьтта "Чермен" полисхойн пост дIаяккхарна дуьхьал дIахьедарш дечу "Бесланан наной" тобанан хьалханча йолчу Дудиева Сусаннина.

Цу зудчо кехат яздина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцев Владимире, шайн республикан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь лаьтта "Чермен" олу полицин пост йитар доьхуш.

Зударий эргIадбахана бу, боху Дудиевас, социалан машанашкахь дискусси яржарна, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Къилбаседа Кавказехь ерриг а блокпосташ дIаяха еза алар бахьана долуш.

"Бесланан наной" тобанан хьалханчо дийцарехь, Шемара Кавказе цIабогIуш бу "бандформированех" дIабетталуш болу бIеннаш "Исламан пачхьалкх" тобанан агIончаш. "И бахьана долуш КПП 'Чермен', мелхо а, чIагIъян езаш ю", – чIагIдо цо.

Нухажиевс дийцарехь, цу тайпачу посташкахь дукха хьолахь эхь-бехк доцучу погонаш лелочу наха лелочо кхуллу гӀоьртина хьал. Ша тешна ву, боху Нохчийчоьнан омбудсмено, дуккха а машенаш дIасалела федералан некъаш мелла а маьрша хила деза бохучух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG