ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанах хаамаш дIаязбина Росреестро


Нохчийчоьнан а, ГIалгIачоьнан доза.
Нохчийчоьнан а, ГIалгIачоьнан доза.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а административан дозанах болу хаамаш Юкъарчу пачхьалкхан ара-чу ца баккхалучу бахаман реестрна юкъатоьхна Росреестро (ЕГРН). Цунах лаьцна хаам бина цу урхалло. Иза дуьххьарлера цу тайпа административан дозанан дакъа ду, Росреестро керлачу низамца тIечIагIдина долу.

Федералан кадастран чоьнан директоро Тухтасунов Парвиза бинчу хаамца, нохчийн а, гIалгIайн а дозанах лаьцна хаамаш Реестрна юкъатохале цу урхаллан а, Оьрсийчоьнан Кадастран чоьнан а, Росимущество урхаллан а, Iаламан министраллан а, Къилбаседа Кавказехула министраллан а говзанчаша собар оьшу болх бира кадастран инженерашца цхьаьна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG