ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьонка баккха вахана 3 стаг вайна ГIалгIайчохь


 Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Хьонка баккха вахана кхо жима стаг лоьхуш бу ГIалгайчохь Орцаллан министраллан белхахой а, шайн лаамехь арабевлла нах а. Сунжан кIоштачу хьуьнхахь лар йоцуш байнарш бу Алхастара бахархой.

Цу кхаа стагаца зIе хаьддачул тIаьхьа кIоштан администрацино кхайкхам бина хьонка баккха баха дагахь болчу нахе, шайх а, шаьш билгалбинчу некъах в лаьцна хаам бе шайга аьлла.

Иза ларамаза а дац. Кхушарахь Дечкен-беттан 20-чу сарахь хьонка баккха хьуьнха вахана 17 шо долу Барахоев Iимран вайнера. Иза лаха арабевллачу орцанхошна а, полисхошна а де-буьйса даьлча карийра иза Мужичи эвлан йистехь сарахь 7 сахьт даьлча. И эвла гена йоццуш Iуьллуш ю хьонка боккхуш Барахоев тилвеллачу меттигана. Кхиазхо лохуш дакъалоцуш вара 100 сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG