Пакистано дIавелла шаьш шайн территорина тIехула чудаийтинчу кеманан пилот Вартхаман Абхинандан. Цунах лаьцна хаам бина Индехь арадолучу The Economic Times газето.
Кеманхо йийсаре лаьцнера Пакистанан эскархоша Чиллан-беттан 27-чохь, иза парашютаца чуиккхинчул тIаьхьа.
Кхаарин дийнахь Пакистанан эскаран куьйгалло хаам бинера, шаьш Индин 2 кема чудаийтина аьлла. Индин векалша даре дира шайн цхьа кема дохийна хилар.