ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь лачкъийна кIант кIелхьарваьккхина - Кадыров


Шема - Эл-ХIол мухIажираш латто меттиг.
Шема - Эл-ХIол мухIажираш латто меттиг.

Нохчичоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бина, Гергарчу малхбалехь лачкъийна Дагестанера яхархочуьнан бер кIелхьардаьккхина аьлла, хаам бо РИА Новости агенталло. Цо дийцарехь, Ибрагимова Нурьянас (беран нанас) дехар дина хилла цуьнга, шен кIант лачкъийначул тIаьхьа.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаккхарехь, кIант карийна, иза дIакхачийна кхерамазалла йолчу метте Гергарчу Малхбалерчу цхьана пачхьалкхехь. Кадыровс дийцарехь, кехаташца доьзна хаттарш дIанисдан а, Оьрсийчу кIант схьавало а цига воьдуш ву цуьнан векал, хаам бо РИА Новости агенталло.

Муьлш бу ца хуучу наха Оьрсийчуьра бер лачкIийна Шемахь "Эль-ХIол" мухIажирийн четаран гIалара. Цунах лаьцна хаам бинера РИА Новости агенталло, Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочунна Саратова Хедина тIе а тевжаш.

Хьалхо социалан машанашкахь видео гучуелира, муьлш бу ца хуучу божарша Iаьрбийн маттахь хьарса месаш йолчу кIанте хаттарш деш гойтуш. Беро царна доцца жоьпаш лора Iаьрбийн маттахь, тIаккха оьрсийн маттахь элира "шен ненайиша йолчу ваха лууш ву" ша аьлла. Цуьнца цхьана видеороликана кIеллахь яздина ду цуьнан да нохчи ву аьлла.

аратовас дийцарехь, и кIант ХIинжа-ГIалара ву. 2014-чу шарахь дас харцонца дIавигина хилла иза Шема. КIентан да вийна. Ша висинчу кIантана Iуналла деш хилла Дагестанера цхьа зуда.

Ерриг оцу хеначохь шен кIант лоьхуш хилла цуьнан нана. Дукха хан йоцуш цунна карийна хилла кIентан доладеш йолу зуда. Лачкъийначул тIаьхьа нене масийтта сурт а, видео а яийтина муьлш бу ца хуучу наха, хIун оьшу аьлча, кхаъ бала безаш хилар а къедош.

Нанас дийцарехь, видео тIехь волу кIант лачкъийна хиларх лаьцна хиина цунна Iунала деш йолчу зудчера. Цо орцадаьккхина хилла "Эль-ХIол" мухIажираш бехачу меттиган кертахь бепиг схьаэца ваханчура кIант цIа ца веача.

Нанас дийцарехь, "Эль-ХIол" дуьненаюкъара четаран гIала а, иза чIогIа ларйеш ю. Цигахь дIатарбина бу иттаннаш пачхьалкхашкара зударий а, бераш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG