ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Виза оьшур яц Гуьржийчоьнан а, Украинин а махкахошна


Гуьржийчоьнна а, Украинина а юкъахь барт болх бан болабелла, шина пачхьалкхан махкахой вовшийн хьошалгIа боьлхуш виза дIайоккхуш. И документ тIеэцнера стохка ГIадужу-баттахь.

ХIинца дуьйна дIа Гуьржийчоьнан а, Украинин а махкахой бакъо ю цу шина пачхьалкхе дIасабоьлхуш чоьхьарчу паспортах пайда эца. Гуьржийчохь цхьана дийнахь аьтто бу леррина чип йолуш долахочух хаамаш тIехь болу ID олу карта даккхийна.

Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало хаам бина, шина пачхьалкхо виза дIайоккхуш бина барт тоьшалла ду Украинин а, Гуьжийчоьнан а юкъаметтигаш кIарглуш хиларан аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG