Спортхо Емельяненко Алексанар кхераме ву адамашна, цо ладугIуш Нохчийчоьнан куьйгалхо бен кхин цхьа а стаг вац, цундела Кадыров Рамзана дIавига веза иза Соьлж-ГIаларчу клубе, цигахь иза сацо, аьлла дIахьедар дина ММА латархочо Харитонов Сергейс.
"Суна хаьа Емельяненко Александара юха цхьаъ диний. Некъаовзам хилла цо дакъалоцуш. Ас хьалха а аьллера, хIинца а боху, бохур а ду: и стаг кхераме ву юкъараллана", - боху Харитоновс шен Instagram-чу кхайкхамехь.
Зазадоккху-беттан 1-чохь Кисловодскехь некъахьовзам хиллачул тIаьхьа Емельяненко лаьцна полицино. Иза малар мелла хилла, яздо Кавказ.Реалиино.