ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу хьонкан фестивалехь дакъалаьцна 3 эзар стага


HONK FEST цIе йолу хьонкан фестивал хилла Соьлж-ГIалахь шотдийнахь. Меттигерчу туризман министралло бинчу хаамца, цигахь дакъалоцуш хилла республикан 6 кIоштан векалш. ТАСС агенталло далочу терахьца, хьонках дина даарийн чам баккха гулвеллера 3 эзар сов стаг.

Цу мероприятехь дакъалоцуш бара шаьш куьйга цхьацца исбаьхьаллан хIуманаш йон пхьераш а, ткъа иштта концертаца баьхкина нохчийн артисташ а.

Iедалан векалш биглгалдаккхарехь, хьонках уггар чоме кхача кечбира Хьалха-Мартанан кIоштан векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG