ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан векалаллашна хьалха пикеташ дIаяьхьна "Маьрша Идел-Урал" боламан жигархоша


Украина -- Киеверчу цу акцин декъашхоша Оьрсийчоьнан векалллан керта тIе оьллинера "Kremlin kills native nations" (ингл. Кремло хIаллакдеш ду шайн мехкашкахь деха къаьмнаш тIеяздина баннер.

Оьрсийчоьнан димпломатин хьукматашна хьалха пикеташ дIаяьхьна "Маьрша Идел-Урал" юкъараллан боламан жигархоша Британехь а, Украинехь а, Полшехь а, Финляндехь а, Iамеркехь а.

Киеверчу акцин декъашхоша Оьрсийчоьнан векалаллан керта тIе оьллинера "Kremlin kills native nations" (ингл. Кремло хIаллакдеш ду шайн мехкашкахь деха къаьмнаш) тIеяздина баннер. Жигархоша кхайкхам бира интернетехь дешан маьршо йохор сацаде, арахеца Оьрсийчуьрчу набахташкахь шайн ойланаш бахьана долуш латтош болу политикан тутмакхаш аьлла.

Пикетийн декъашхошна тIе ца веара цхьа а дипломат. Уьш хуьлучуьнга хьоьжуш бара корехула.

Нью-Йоркехь Оьрсийчоьнан консульствон хьалха пикет вовшатоьхнарг вара ГIезалойчуьра орамаш долу Сукаев Камил. ХIельсинкехь а (Финлянди), Варшавехь а (Полша), Лондонехь а (Британи) пикеташ хилира цхьацца жигархочо дакъалоцуш.

Дуьхьалонан акцеш дIаяхьаран бахьана дара Оьрсийчуьрчу Пачхьалкхан Думо Оьрсийчоьнан Федерацин пачхьалкхан символш а, Iедалан органаш а сийсазъярна гIуда тохарх лаьцначу низаман проект хьалхарчу ешарехь тIеэцар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG