ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударий дIасалело таксиш юкъайохуш ю Нохчийчохь


Лерина зударий дIасалелош таксиш хир ю Нохчийчохь аьлла, яздо "Коммерсанто". Машенийн урхалла дийраш а хир бу зударий. Республикехь болх бечу Iарбойн инвестицин шейхан Зайедан фондо хаамбарца, "Мехкарий" аьлла, цIе лелор ю таксхойн фирмано.

"Дине а, ламасташка а диллича, Iаламат бIегIийла ду зударшна лерина таксиш хилар. Таксийн урхалла деш а зударий хир бу. Фондан кредитан комитето хIинцале а къобалйина проект", - яздо инстаграмерчу фондан агIон тIехь.

"Керланаш" хаамийн гIирсо билгалдаккхарехь, карарчу заманчохь Нохчийчохь наггахь бен ца го такси лелош зуда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG