ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь хIусамаш яьгначарна 5 миллион вовшахтоьхна


Дагестанехь гIоьналлин фондаша ахчанаш гулдина Цумадинан кIоштарчу Тисси-Ахитлехь цIенош даьгначарна. Доккхачу декъанна, "Инсан" фондо шина дийнахь кхо миллион гергга ахча вовшахтуьйхира, ткъа "Надежда" фондо – цхьа миллион сом. Ишта кIошташкахь а, гIаланашкахь а гулйина бахархошна лерина бедарш а, ахча а, кхачан сурсаташ а.

"Кавказ.Реалиин" информацица, Дербентехь гулдина 440 эзар сом а, кхаа кир лелочу машенашкахь юург-мерг а. Каспийскехь а, Буйнакскехь а лахьийна 600 эзар сом.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо 10 миллион сом дIакхачийна зенаш хиллачу нахана.

Беттан 1-чу дийнахь суьйранца хаам хилира, Дагестанерчу Тисси-Ахитлехь 11 цIа даьгна аьлла. 64 стаг хиллера цу хIусамашкахь вехаш. Велла, лазийна стаг вацара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG