ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Авторитете къу дIавуллуш язйина видео дIаяккхийтина блогере полицино


Ницкъаллийн структурийн белхахой а бара цуьнан тезетахь аьлла, билгалдоккхуш, блогеро Торопцев Виктора социалан машанашкахь репост йина Амурскера авторитете къу дIавуллуш йина видео дIаяккхийтина цуьнга полицино. ТАСС агенталло бина цунах хаам. Машенийн некъ а дIа а къовлуш, стаг дIаволла хьучу ковран видео яржийра интернетехь Дечкен-беттан юьххьехь. Оцу роликна йинчу комментарешкахь дуьйцура, криминалан авторитетан Зарубин Юрийн тезет ду иза бохуш.

Дийцарехь, цу тезетахь хилла прокуратуран белхахой а, полисхой а хилла барам лаьцнарш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан гIалин декъехь тIе ца дитина, тезетахь Iедалхой хилла бохург. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийна эладитта кхолларна.

Дечкен-беттан 14-чохь 10 дей, буьйсий чохь даккхийтира блогере Торопцев Викторе, машен лело бакъо шегара хьалхо дIаяьккхиншехь, автомобил лелош хилла цо аьлла, бехк а хьарчийна. Цуьнан хIусамах а хьоьвсинера полисхой.

XS
SM
MD
LG