ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналисто Шевченко Максима бехкбаьккхина Абдурахманов Тумсогара


Журналист Шевченко Максим
Журналист Шевченко Максим

Нохчийчуьрчу зорбан министран Умаров Джамбулатан видеоблогерца Абдурахманов Тумсоца хиллачу дискуссех вистхилла Оьрсийчоьнан журналист Шевченко Максим. Видеокхайкхам бина цо, Нохчийчохь хиллачу тIемах факташ ялош. Кадыров Ахьмадах а, цо джихIадах дийцинчу къамелех а Тумсос дина дIахьедарш тергоне а эцна, нохчийн къам ца деза нах санна гайтина ша блогеро аьлла журналисто.

"Гина делара хьуна, хIетахь пачхьалкхехь хилларг: Iена цIий, лело къематаш, бойу нах. Советан заманахь полковникийн даржехь хиллачу Дудаевна а, Масхадовна а дуьхьал тIом бан хьежайора декъаза Оьрсийчоьнан эскархойн тобанаш. Оьрсашна а, нохчашна а юкъахь конфликт ян гIертара Iедалш. Танкашца нохчийн хIусамашна тIелетачу хенахь, гIаланашна бомбанаш етта йолийча, хIетахь муфтий хиллачу Кадыров Ахьмада шайн хIусамаш ларъе аьлла, дIакхайкхийра. Муьлххачу а лартIахь волчу стага ден дерг дара иза. Цундела ас бехкевийр вац цкъа а Кадыров Ахьмад. Эрна ду хIокху диалог юкъа иза валор а", - аьлла хета Шевченкона.

Ишта Абдурахмановга вистхуьлуш журналисто оьшуш дац аьлла, тахана Нохчийчохь лаьтта хьал 1990-чу шерашкахь хиллачуьнца дуста.

"Со кхета хьан позицех, Тумсо. Ткъа тахана Нохчийчохь лаьтта ситуаци юстийла дуй 90-гIа шераш доьрзучу а, 2000 шо доладеллачу хенашца а?", - хоьтту Шевченкос.

Карладоккху, хьалхо Шевченко Максима "Эхо Москвы" радиостанцин эфирехь ша дуьхьал ву элира, Полшано Абдурахманов Тумсона депортаци ярна. Блогер терроризм бакъъеш хиларан цхьа а тоьшалла дац аьллера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG