ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхойн агIончаш байина Нальчикехь тIаьххьарчу кIиранчохь


"Кавказский узел" агенталлан зерашца, тIаьххьарчу кIиранчохь Къилбаседа Кавказехь герзаш детташ иккхинчу конфликтехь вийна кхо стаг. Байинарш ГIебарта-Балкхаройчуьрчу гIаттамхойн могIаршкахь хилла бу. Контртерроран раж дIакхайкхийра байначу беттан 27-чохь Нальчикехь. Цигарчу цхьана цIа чохь хIаллаквийра ву боху кхо тIемало.

ТIаьхьо Iораехира церан цIераш а: Кошев Артур, Гурижев Аслангирей, Тауков Iамир. Полисхойн версица, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъахь хиллера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG