ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лакхара гойту белхазалла


Оьрсийчоьнан къинхьегаман министралло шен сайтехь Iорадаккхарца, карарчу шарахь уггар лакхара гойту белхазалла ГIалгIайчохь а (8,7), Нохчийчохь а(8%). Статистийн терахьех комментари йитина Нохчийчуьрчу къинхьегаман урхалло.

"Схьаоьцур вай 90-гIа шераш. Нохчийчохь тIеман ши компани йоьдучу заманчохь, кхийолу регионаш кхуьуш ма яра. Йоллу экономика тIеман шерашкахь хIаллакхилира. Ца кхуьура индустри, юьртан бахам. Делахь а, урхалле Кадыров Рамзан веача, хьал орамера дуьйна хийцаделира. Республикехь дIахьош йолу инвестицин политика бахьана долуш, экономика йоццачу хенахь юхаметтахIоттийна. Оцу бахьанашца аьтто хилира 76% хилла белхазалла 8 проценте охьаякха", - дийцина министраллехь.

Иштта хьажам бу мехкан куьйгалхочун пресс-секретаран Каримов Iалвин а. Нийса дац боху цо, шина тIамо хIаллакйина республика кхиамечу регионашца цхьана тIегIанехь йийцар. Нохчийчохь белхазалла юьйцучу заманчохь, цуьнан шен статистика хила еза аьлла, тешна ву Каримов. "Нохчийчохь 10 шо хьалха, 5 шо хьалха хиллачуьнца дуста деза тахана долу хьал", - боху пресс-секретаро.

XS
SM
MD
LG