ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн муфтийс къахьегаран мах хадийна Маккахь


Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:31 0:00
Линкана тIе

Дерригдуьненан Исламан Лиган Лаккхарчу кхолларан кхеташонан декъашхо хIоьттина Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа. Цул хьалха цо саIудахойх лаьцна дика къамелаш динера маситтоза. Нохчийчуьрчу муфтиятан куьйгалхочунна тайнарг дара СаIудийн пачхьалкхо экстремизмаца а, терроризмаца а кIийсам дIахьош лелориг.

"И хилам вуно маьIне бу Нохчийн Республикерчу бусалба нахана, цо гIо дийр ду дуьненаюкъара уьйраш чагIъян", - бохуш вара Межиев Чиллан-беттан 28-чохь ТРК "Путь" телекомпанийна ша еллачу интервьюхь.

Дерригдуьненан Исламан Лиган сайтана тIехь аьлла ду цуьнан Лаккхара кхеташо Лиган Лаккхара дакъа ду аьлла. Шен сессишкахь цо тIечIагIдо Инарлан секретариато я Лиган кхеташонан кхаа дакъашхочо дина маттаххьадар.

Верриг а Лиган кхеташонна юкъахь ву 60 стаг. Уьш бу бусалба гIуллакххой, бусулба халкъийн а, жимачу къаьмнийн а векалш. Уьш хоржу Лиган Лаккхарчу кхеташоно. И болх алапа луш бац.

Дерригдуьненан Исламан Лига кхоьллина 1962-чу шарахь, Маккахь коьрта штаб-хIусам а йолуш. Исламан Лига Iедалх йозуш йоцу вовшахтохаралла ю. Лиган коьрта Iалашонаш ю "КъорӀан а, Сунна а бухехь а долуш, Ислам довзийтар а, гӀехь дерг тоьаш хилар бусалба нехан кхетамехь чIагIдар а, бусалба нехан динца йоьзна юкъаметтигаш ларъяр а, къеззиг бусалбанех лаьттачу юкъараллашна терго яр а, цаьрца уьйраш латтор а, церан проблемаш уьш бехачу пачхьалкхашкахь лелачу конституцийн а, низамийн а гурашкахь дIаяхийтарца", иштта дIа кхин а.

Дерригдуьненан Исламан Лига хьехамчан статусехь декъашхо ю UNESCO-н (ЮНЕСКО - Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн дешарехула а, Iилманехула а, културехула а вовшахтохаралла) а, UNICEF-н (ЮНИСЕФ - Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Берийн фонд) а, ткъа иштта Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан экономикан а, социалан кхеташонийн а.

Цундела ларамаза дац Межиевна ша Исламан Лиган Лаккхарчу кхеташонна юкъавахар баккъалла маьIне хетар.

ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчоьнан муфтий жигаралла гойтуш вара Iаьрбийн пачхьалкхахь. Цо дакъалоцуш тодеш ду Шемара цхьамогIа маьждиг. Маситтоза хилла иза СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь цхьацца конференцешкахь а, кхин йолчу форумашкахь а дакъалоцуш. ХIоразза а Нохчийчоьнан муфтийс дика дешнаш олура СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхах.

Масала, 2018-чу шарахь Чиллан-баттахь СаIудийн официалан "Ыказ" керланийн агенталло иштта яздора: "Нохчийчоьнан муфтийс дIахьедина, СаIудийн пачхьалкхо вуно чIогIа къахьоьгуш хиларх лаьцна, Исламна а, бусалбанашна а гIуллакх деш, къаьсттина терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам дIахьош. Цо дийцарехь, паччахьан Салман бен IабдулIаьзизан Оьрсийчу визит дика гIуллакх ду, цу пачхьалкхан а, Нохчийчоьнан а уьраш чIогIа хилар гойтуш долу".

Марсхьокху-бутт, 2018, "Ыказ": "Нохчийчоьнан муфтийс лакхара мах хадийна Салмана бен IабдулIаьзиза хьеший (Макка а, Медине а баьхкина хьаьжой) тIеоьцуш къахьегаран, и къахьегар хIора шарца алсамдолуш хилар билгал а доккхуш".

Гарехь, Нохчийчоьнан муфтийс Межиевс СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкх дикачу агIор хьехош хьегна къа а тидам ца беш ца дитина Маккахь дIатарйина йолчу Дерригдуьненан Исламан Лиган Лаккхарчу кхеташоно а.

(Жимма яцйина верси)

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG