"Эхо Москвы" радиостанцин коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс латкъамбина Оьрсийчоьрчу Лакхарчу кхеле, Роскомнадзоро шайна тоьхначу гIуданна дуьхьал.
"Президентан харжамашкахь кандидат хилла Собчак Ксения Нохчийчу яхарх а, цигахь иза сийсазъярх а лаьцначу материалан гиперссылка хIотторна, Роскомнадзоро гIуда тоьхнера радиостанцина. И къовсуш Лакхарчу кхеле арз дина ас", - яздина Венедиктовс шинаридийнахь шен Telegram-каналехь. Цо доьху Лакхарчу кхеле, "гиперссылка" бохучух кхелахой кхетор.
Дахначу шеран Охан-баттахь Роскомнадзоро протокл хIоттийнера, "Эхо Москвы" радиостанцино а, цуьнан редакторо Рувинский Виталийс а низамаш дохийна хиларх, ткъа материалаш кхи дIа листа кхеле дIакхачийнера. ГIуда тохаран бахьана дара, Собчак Ксенияс радиостанцин блогехь дитина йоза.
Ша Соьлжа-ГIала яхарх дуьйцучу цо, пайдаэцнера шен YouTube-канале хIоттийначу "Соьлжа-ГIалара цхьааллин пикет, даьсса урамаш, сий дайар. Собчак Нохчийчохь" роликах. Роскомнадзорна хетарехь, оцу роликца бакъо йоцу информаци яржийна хиллера, зорбанийн низамаша йихкина йолу маьттаза лексика а ялош.