ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанан президенто ах шо делла полисхшна азбала


Жигархошца а, меттигерчу пачхьалкхан хьукматийн белхахошца а, Наманганан кIоштарчу кегийрхошца а шен хиллачу цхьанакхетарехь Узбекистанан президенто Мирзиёев Шавката дIахьедина, чоьхьарчу гIуллаккхийн министраллан белхахой азбала беза аьлла, хаамбо "Настоящее время" канало.

"Вайна ца оьшу сов дилха долу я эпсар а, я полисхо а. Зуламхой муха лоьцур бу цо оцу хьолехь? Спортах тасало. Суна оьшуш ма дац и, церан могушаллина оьшуш ду. Вай хан лур ю царна: кхоъ, я ялх бутт. Оцу заманчохь шайн дегI кепе а даладе, совнах йолу йозалла дIа а йоккхуш", - аьллачу президентан дешнаш далийна Daryo.uz хьостано. ТIедиллар кхочуш ца динчарна, хIун таIзар дийр ду, хоуьйтуш дац.

Дахначу шарахь дуьйна дийца долийна Узбекистанан президенто Мирзиёевс, шайн пачхьалкхан бахархошкахь проблема хиларх, берстина хиларца доьзна.

2019-чу шарахь Германерчу Йенан университетан талламчаша билгалдаьккхина, юучуьнца нийсо ца лелорца доьзна, баларш алсам хуьлучу пачхьалкхашлахь Узбекистан коьртехь хиларх.

Ткъа 2017-чу шарахь New England Journal of Medicine цIе йолчу журнал тIехь зорбане яьккхинчу артиклца а догIуш, Юккъерчу Азин пачхьалкхашлахь а хьалха ю Узбекистан, дилха сов долу адамаш дукха хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG