ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун ду Малхбузерчу нохчашна цхьаьнакхета новкъарло йийриг


Берлинера Кавказан центр.
Берлинера Кавказан центр.

Нохачашна хала ду немцойн юкъараллан дакъа хила аьлла, дIахьедар дина Германин Бранденбург лаьттан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Шретер Карл-ХIайнца. Цо дийцарехь, нохчаша низамаш лардечу органашка гIо деха деза шаьш цхьана проблемана хьалха нисделча, низам тидаме ца оьцуш, иза шаьш къасто гIертачул а.

Германехь, Европан кхечу пачхьалкхашкахь а санна, мухIажарш лоруш Iедал дац къомах муьлш бу бохург тидаме а эцна. Нохчий бу "Оьрсийчуьра мухIажарш" аьллачу могIаре язбина. Цундела дерриг а нохчийн мухIажарех лаьцна дало терахьаш герггарчу хьесапехь бен хуьлийла дац.

Шретара дийцарехь, Бранденбургехь вехаш хила мегаш ву 7 эзар сов нохчо. Берлинерчу нохчийн жигархоша дало терахь ду 5 эзар цхьана Германин коьртачу гIалахь. Цара дийцарехь, ерриг а Германехь бехаш хила там бу иттаннаш эзарнаш нохчий.

Коьртачу декъана уьш дIатарбелла немцойн яккхийчу гIаланашкахь: Берлинехь а, ХIамбургехь а, Нюрнбергехь а, Дрезденехь а, Кельнехь а, Мюнхенехь а. Царах дукхаха берш кхаьчна цига 2012-чу шарал а тIаьхьа, Германино нохчий берш а тIеоьцу аьлла Нохчийчохь эладита даьржинчул тIаьхьа.

Германера нохчий маситта декъе бекъабелла политика а, кхин дерг а бахьана долуш: йозуш йоцуш хилачу Ичкерин агIончаш, Кадыровн агIончаш, бусалба дин лелош юкъаевллачу башхаллаша бекъна нах, экономикан бахьанашца махкахбевлларш, могашалла тоян дагахь мухIажаралла тIеэцнарш а иштта дIа кхин а.

Германин Iедалхоша комментареш еш а, немцойн зорбанан гIирсаша мухIажарех лаьцна яздеш а Iедал дац кхечу къаьмнашца буьстича цу пачхьалкхехь немцойн юкъараллах дIакхета ца луурш нохчий бу бохуш хьехор. Царна хаьа нохчий шайн бизнес схьайоьллуш хилар а, яккхийчу компанешкахь болх беш хилар а, лаккхара дешар доьшуш хилар а, дуккха а белхашкахь кхиаме хиларх лаьцна, царна шайна а тамашийна хетачу моделийн бизнесехь а цхьаьна.

Цхьаболчу Германера этникан тобанаш толлучу говзанчашна хета, нохчашна шайн юкъара вовшахтохаралла оьшу аьлла.

"Кавказ.Реалиица" къамел динчу нохчийн диаспоран жигархочо дийцарехь, иза дан гIерта уьш дуккха а хан ю. Амма цкъачунна барт хила аьтто ца баьлла цера, тайп-тайпана политикан ойланаш йолуш хиларна.

Мюнхенехь вехачу нохчийн диаспоран жигархочо дийцира, политика а йитина, цхьана кхечунна бух тIехь цхьаьнакхета хьовса безара нохчий бохуш. Масала юкъаралла кхолла мегар дара историна я маттана гонаха. ТIаьхьо шордан мегар дара дийцаре дон хаттарш.

Кху деношкахь Францерчу Страсбургехь конференци хилира "Барт-Маршо" цIе йолчу цхьаьнатохаралло кечйина йолу. Цуьнан Iалашо яра Европерчу нохчийн Гулам (ассамблей) кхоллар. Франце баьхкира Малхбузерчу ерриг а пачхьалкхашкара ала мегар долуш нохчийн юкъараллийн векалш. Страсбургехь церан цхьаъ доло сихха барт ца хиллехь а, цу форумо гойту цу агIор болх болабелла хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG